Соьлжа-ГIалахь дронашца тохарш динчул тIаьхьа Москвара кхаьчна совгIаташ, Оьрсийчоьнан омбудсмено нохчийн инарла волчу Алауидиновн агIо лацар, цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арахоьцучу Маршо Радион 126-чу подкастехь.
Your browser doesn’t support HTML5
Германера «Кадыровн стаг» | МАРШОНАН ПОДКАСТ #126
Нохчийчоь: дронаш, совгIаташ, кхерамаш
Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а дронашца тӀелетарш дар кхидӀа а дӀахьош ду. Уггаре а алсам тидам тӀебохуьйтуш йу Нохчийчоь: дечкен-беттан 5-чу дийнахь "Грозный-Сити" комплексана тӀелатар динчул тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀахьедар дира, ша Украинин "къиза чӀир" оьцур йу аьлла.
Дукха хан йалале, Оьрсийчоьнан эскаро массо а гIирсех пайда а оьцуш, даккхий тохарш дира пачхьалкхана – цхьайолу ракеташ а, дронаш а йиттира Ростовн кӀоштара а, Краснодаран махкара а. Хаамбора маьршачу бахархошлахь зенаш хилла, маьршачу бахархойн гIишлош йоха йина аьлла. Кадыровс баркалла элира и тIелатар дарна Оьрсийчоьнан тӀеман министрна а, Инарла штабан куьйгалхочунна а, аэрокосмосан ницкъийн коьртачу буьйранчана а, шен премьер-министрна Даудов Мохьмадна а. Нохчийн куьйгалхочо ма-аллара, сихонца жоп даларна.
Оршотан дийнахь Оьрсийчоьнан къоман гвардин куьйгалхо, президентан Путин Владимиран хадархо хилла а волу Золотов Виктор веара Нохчийчу, Кадыровна Москвара совгӀаташ дохьуш. Республикан куьйгалхочунна а, лакхахь хьахийначу Даудов Мохьмадна а, цуьнан гӀовс волчу Висмурадов Абузайдана а, Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думера депутатан Делимханов Адамна а мидалш йелира "ТIамехь билгалбовларна" аьлла, амма билггал цара дина мехала гIуллакхаш хьахийна дац. Регионера къоман гвардин декъан куьйгалхочунна Делимханов Шарипна Оьрсийчоьнан Турпалхочун цӀе йелла.
СовгIат доцуш ца висина дукха хан йоццуш 18 шо кхаьчна нохчийн куьйгалхочун кӀант Кадыров Адам а.
Цунна йелира Росгвардин цIарах сийлаллин грамота-мехкан урхалхочун кхерамзалла латторан декъан хьаькамна а, кхерамзаллин Кхеташонан секретарьна а санна. Цул а масех де хьалха NIYSO боламера нохчийн жигархоша дIахьедира, Кадыров Адама, шегарчу Ӏедалх пайда а оьцуш, цара ма-аллара "мафиозийн схемашца" Нохчийчуьрчу совдегаршкара ахчанаш доху, уьш шен тергонехь а латтош аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Соьлжа-ГIалана дина тIелетарш, Европехь тIом баккха Кадыров "кийча хилар". КIиранан жамIашШинарин дийнахь, Дечкен-беттан 9-чохь, Нохчийчоьнна йуха а тӀелатар динера дронашца. Оьрсийчоьнан тӀеман министралло хаам бира республикана тӀехула цхьа дрон чуйожийна аьлла, ткъа Кадыровс шиъ чуйаийтина аьлла, дIахьедира. Иштта хаам бира Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь а, Ростовн кIоштахь а, ГIалмакхойчохь а, ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Къилбаседа ХӀирийчохь а тIелатарх дронаш, ткъа иштта Каспий-хӀорда тӀехула йогIу дронаш йохийна бохура, уьш, хетарехь, Дагестане йоьлхуш хилла. Меттигерчу Ӏедалшкара официалан хаамашца, лазийна стаг а вац, йохийна гIишло а йац.
Оццу сарахь Кадыровс цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Соьлжа-ГӀалахь, дронашца тӀелетарш дар алсамдовларца доьзна. "Кхерамазаллин хьукматийн куьйгалхошца а, буьйранчашца а, ницкъаллин структурийн белхахошца а" хиллачу цхьаьнакхетарехь цо омра дира дронашна дуьхьало йан "рогӀера Ӏамораш" вовшахтоха аьлла. Иштта кхерамаш тийсира, Европехь бехачу нохчашна, махкарчу хьолах лаьцна дуьйцучу нехан "кортош дохур ду" аьлла.
18 шо долчу Кадыров Адамна тIедожийна, "массо а кхерамазаллин хьукматашка йукъахь болх байтар чӀагӀдарх" жоьпалла. Хаамийн гӀирсаша дийцарехь, иза ву Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен метта вита кечвийриг.
Москальковас Алаудиновн агIо лаьцна
Оцу юкъанна, журналисташа чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан президентан администрацино Кадыровн метта хӀотто тарлучу кхин цхьана стагана, нохчийн "Ахмат" спецназан буьйранчана Алаудинов Аптина гIортор йира кху кIиранах адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаро Москалькова Татьянас. Цо Алаудиновх "бакъволу патриот" элира, цхьаццайолчу "медийн персонаша" бух боцуш цунна харцонца критика йахь а. Омбудсмено билгал ца даьккхина, билггал ша буьйцурш муьлш бу.
Хьалхо "Ахматан" буьйранча вийца ваьккхира "z-блогершца" масех дов даларна. ТӀаьхьарчу хенахь цхьаццаболчу "тӀеман корреспонденташа" цунна критика йина ца Iаш, Кремльна уллера пропагандисташ а цхьаьна лен буьйлабелла цунна. Президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо Ахмедова Маринас а дIахаийтира ша реза цахилар. Цунна ца тайнера Алаудиновс хаамийн гӀирсашкахь лелочу гӀуллакхна – къаьсттина, бераш йукъа а ийзош.
Москальковас, бахьана а ца дуьйцуш, шен официалан телеграм-каналехь пост хIоттийра, "Ахматан" буьйранчана гӀортор йеш. Цо дIахьедира, Алаудинов, "шен са а, могушалла а" ца кхоош, тIеман хьалхарчу могӀаршкахь лаьтташ ву аьлла. Бохура, цо гIо до эскархойн доьзалашна а цхьаьна, ткъа цуьнах лаьцна харц комментареш йазйеш "юкъараллин дог-ойла хуьйцу".
ШолгӀачу дийнахь, дагахь а доцуш, Нохчийчуьра оьрсийн инарлехьа гIо дохуш, вистхилира Москвара пачхьалкхан университетан политологин кафедран декан Шутов Андрей а. Цо элира, "тӀеман корреспонденташа" Алаудиновна йеш йолу критика питанаш а, "ницкъ болу Оьрсийчоь хила лууш боцк арахьара ницкъаш а бу" аьлла.
"Кадыровн стаг" ву АдГ -хь
Кхин цхьаъ "Кадыров Рамзанан стаг" лоруш волу Нохчийчуьра вахархо, Германехь уггар а гIарайаьллачу ультрааьтто агIор болчийн "Альтернатива для Германии" партин декъашхо хилар къаьстина кху кIиранах.
Вуьйцург ву Дадаев Мурад. Иза ву нохчийн СемаIашка цIе йолчу юьртара схьаваьлла а, Венехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьхьалонча верна бехкевинчу стеган ваша а. Дадаев АдГ-н декъашхо хиларх лаьцна хаам бина "Важные истории" зорбанан гӀирсо. Журналисташа дийцарехь, Дадаевс тӀеоьцу Кадыровца уьйраш йолу нах ХIанноверерчу цхьана виллехь.
Шо гергга хьалха 36 шо долу Дадаев дӀакхеттачу партехь иза вевзаш ву Ноа Кригер цӀарца, иза гочдича "ТӀемало Ноа" бохург ду. Нохчийчуьра схьаваьлла волу иза, къайла а ца хьош, Кремлан а, президентан Путинан а политикана йиллина гӀортор йеш ву, Германехь иммиграцин политика луьра хилийта йеза бохуш, нацисташа Дуьненан ШолгӀа тӀом боьдуш лелийна аларш а леладо цо.
Иштта Дадаевс ХIанноверехь масех компани кхоьллина, 2023-чу шарахь аренде эцна 850 еакӀов метр майда йолу шира хӀусам, цигахь цхьацца барамаш дӀабахьа цунна мах а луш, и хIусам лоцу наха. Цу виллехь цо тӀеоьцу шеца партихь болу накъостий а, ткъа иштта, масала, шен махкахо Ибрагимов Сайд-Мохьмад а. Иза ву латархойн Team Wolf Hamburg клубан урхалхо лаьттинарг. Ибрагимов вузу бакъонашларъярхоша, нахана тIехь зуламаш лелийначу, Кадыровгахьа йолчу тобанца. Ша Ибрагимов масийттазза гина ву Нохчийчоьнан премьер-министрца Даудов Мохьмадца а, цуьнан гӀовсаца Висмурадов Абузайдаца а цхьаьна, йаздо "Важные Истории" гIирсо.
Дадаев Мурадан вешина Сулиманна 2011-чу шарахь 19 шо кхайкхийра набахтехь даккха, Кадыровн дуьхьалонча хилла Исраилов Iумар Венехь вуьйчу хенахь йукъахь хилла ву аьлла. Кхайкхийна таIзар доллушехь, 2022-чу шеран чиллан-беттан 22-чу дийнахь, Дадаев Сулиман Оьрсийчу йухавеара.
ГIалгIайчуьра ницкъахошна тIелетар толлур ду
2023-чу шарахь ГIалгIайчуьра полисхошна тIелатарна бехкевечу Боков Iамиран а, Мошхоев Микаилан а гIуллакх луьстур долуш ду Ростов-ГIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело. ХIетахь вийра кхоъ ницкъахо, чевнаш йира кхин а шийтта стагана.
"Сапа Кавказ" телеграм-канало хаамбина, талламаш бирзина хиларх лаьцна, Mash Gor гIирсо а тӀечӀагӀйина информаци. Бакъду, хIара хаам официалехь тӀечӀагӀбина бац, кхелан кехаташна йукъахь а цкъачунна гуш дац бехктакхаман гӀуллакх.
"Сапа Кавказо" йаздо, бехкебечарна 8 артиклашкахула бехкаш дохку аьлла, ду царна йукъахь ницкъахой хIаллакбан гӀортар а, йукъарчу кхерамечу гIирсаца леррина бахам хӀаллакбар а.
ТӀемалой бу бохучу наха дуьххьара тӀелатар дира зазадокху-беттан 27-чу сарахь ГӀалгӀайчоьнан а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан а дозанехь йолчу ГИБДД-н постехь. Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан ши белхахо лазийнера.
Охан-беттан 3-чу дийнахь Малгобекан кӀоштахь полисхошна герзаш диттира, царех цхьаъ лазийра. Охан-беттан 6-чу дийнахь Зязиков-Юьртахь полицин кхо белхахо вийра, бархIанна чевнаш йира.
Боков Iамир полицина ша тIевеанера боху; кхечу версица иза лаьцна ву. Мошхоев лаца аьтто хиллера 2023-чу шеран Охан-беттан 8-чу дийнахь, "тобанан декъашхошна кхача лоьхуш" иза лелачу заманчохь.
Йуьхьанца лаца кхайкхийнера йалх стаг. Зазадокху-беттан 29-чохь царех цхьаъ, Эльдиев Рамазан, Карабулакехь велла карийра, тIелеттачу заманчохь йинчу чевнех кхелхина хила тарлора иза. Коттоев Мовсаран дакъа схьакарийра Малгобекан-кIоштара Iелин-Йуьртахь оханан-беттан 5-чохь, дийцарехь, цуьнан четахь граната иккхинера. Веллачун гергаран нах полисхоша дIабигина бохуш, дуьйцура хIетахь.